Карта Территориальные органы и подведомственные учреждения /
УФК по Чеченской Республике

УФК по Чеченской Республике

Двуглавный орел Двуглавный орел
КАЗНАЧЕЙСТВО РОССИИ
КАЗНАЧЕЙСТВО РОССИИ
X X

Тахана вайн къоман уггаре а дезачу денойх цхьаъ - Нохчийн меттан де ду.

Тахана вайн къоман уггаре а дезачу денойх цхьаъ - Нохчийн меттан де ду. Дуненчохь уггаре хьал долуш, хаза, исбаьхьа бу вайн мотт. Нохчийн мотт буьйцу вайн доьзалшкахь, оцу маттахь Ӏамадо дайн сийлахь Ӏадаташ, оьзда гиллакхаш, йовзуьйту дуьненан хазалла, исбаьхьалла. Цундела Дезачу дийно декхаре до ненан меттан хазна ларъйарехь кхин а чӀога къахьега. Хунда алча, мотт – кьоман корта билгало йу. Вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (ДАЛА гӀазот къобалдойла цуьнан) шен хеннахь тӀе тидам а бахийтина, билгалдаьккхира вайн нохчийн маттах мелла а херадовлуш хилар, шен бийца мотт боцу къам исторехь дайна дІадолуш хилар а. Цо олура: «Халкь къам хилла деха шен мотт а, культура а ларйеш мел ду». 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана и де билгалдоккхуш шен Указца чагӀдина. Тахана, цуьнан тергонца кхиамца дІахьош бу нохчийн мотт кхиорехь беш болу болх. ХӀокху дезачу денца Федеральни казначействон Нохчийн Республикехула йолчу урхалло цӀеначу даггара декъалво Лараме Нохчийчоьнан Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикин берриге бахархой а!

Читать также