Тахана къаьсттина хаза де ду! Вайн махкахь даздеш ду Нохчийн меттан де! Нохчийн меттан сий-ларам беш, Нохчийчоьнан Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2007-чу шеран оханан беттан 25-г1а де Нохчийн меттан де ду аьлла д1акхайкхина. Х1етахь дуьйна пачхьалкхан т1ег1анехь, даздаран хьолехь, нохчийн мотт буьйцучара вовшийн декъал а беш, билгалдоккху и де. Нохчийн мотт вайн историх, къоман башхаллех, гIиллакхех, культурех дIакъасто йиш йоцу дакъа ду. Вай Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) олура, «халкъ, къам хилла дехар ду цо шен мотт а, культура а Iалаш мел йо». Нохчийн мотт Iалашбар, бовзийтар, баржор, цуьнга марзо кхоллар вайн коьртачу декхарех цхьаъ ду. Тахана и гIуллакх республикин куьйгаллин тергонехь ду. Х1окху дезачу денца Федеральни казначействон Нохчийн Республикехула йолчу урхалло ц1еначу даггара декъалво Нохчийчоьнан Мехк-Да, Россин Турпалхо лараме Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикин берриге бахархой а! ДАЛА могуш-маьрша дуккха а шерашкахь ирсе дехийла вайн къам! ДАЛА т1аьхье беркате йойла!